ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наха дийриг а шайна тIейаздар ду? Кадыров Адам а, ГIазза секторера бахархошна гIо дар а


Кадыров Адам
Кадыров Адам

Нохчийчохь мехкан куьйгалхочун 17 шо долу кӀант Кадыров Адам хӀоттийна ГIазза секторерчу бахархошна гӀоьнна луш долчу рицкъана тIехь тергойан. Регионера йозуш йоцчу гуманитаран инициативашна тоьхна дозанаш кхн дIа а дахдар хилира цунах. И сацам кеп-кепара тIеийцира, хеттарш кхолладелира, цу тайпа гӀуллакхаш цIена хиларх а, политикан бухца доьзна хиларх а лаьцна.

ГIоьналин фондаш дукха хиларца билгала йац Нохчийчоь. Цхьа миллион ах миллион адам дехачу республикехь ворхӀ организаци бен ца карайо – луларчу Оьрсийчоьнан уггаре а жимачу субъектехь йолчу ГӀалгӀайчохьчул а кӀезиг йу уьш. Дагестанера ткъа сов фонд ца йийцича а.

Делахь а палестинхошна гIо вовшахтухуш Нохчийчуьра кхо фонд йу хIинца - "Хайра", "Даймохк", "Аюб" цIераш йолу. Зорбанан министро Дудаев Ахьмада кхетийра ахча вовшахтохар йукъахдакхарх. "Гулден рицкъ бала хьоьгучаьрга дIа ца кхача тарло, йа йихкинчу йукъараллийн кара кхача мега" аьлла. Цо бахарехь, Нохчийчуьра палестинхошна дIахьажийна 600 миллион гергга сом ($7,5 млн).

Вовшахтуху ахча баккхийчу барамашка кхаьчначул тIаьхьа Нохчийчоьнан Iедалхоша сацамбира, и гIуллакх шайн караэца

ГIоьналлин "Хайра" фонд йуьханца дуьйна дIайазйина йара 2014-чу шарахь Ахмадов Минкаилан цIарах, ткъа 2017-чу шарахь кхелан сацамца дIайохийра иза. Оццу шарахь Ахмадовс цу цIарца "йукъаралла кхиоран центр" кхоьллира. Фондан куьйгалло дийцарехь, 2024-чу шарахь цара къоьлла хьоьгучарна декъна 380 миллион сом ахча.

Оцу йукъанна "Хайрин" чот тохар цIена дац: "Спаркан" зерашца тIаьххьарчу пхеа шарчохь организацин чоьта тIе даьлла шарахь дайъинчу ахчанал а кIезиг – 100 миллион сом.

ШолгIа "Даймохк" фондана регистраци йина 2017-чу шарахь, цо шен проекташ кхочушйо Нохчийчохь а, Бангладеш Халкъан Республикехь а. Цара дIакхайкхийра, шаьш аьхка ГIазза секторе кхачанан сурсаташ йахьийтина аьлла. Организацин директор ву Закриев Хьамзат. Официалан фондан сайтан хаамашца, "хIокху йоллу заманчохь" цара сагIадаьккхина 125 миллион соьмана.

КхоалгӀа "Аюб" фонд 2022-чу шарахь Москвахь Амерханов Исраилан цIарах дIайазйира. Финансийн чот йанне а йац йина, 2024-чу шарахь фондан хиллачу активийн барам бен хууш бац. 12,8 миллион сом ду и. ГIазза секторна сурсаташца гӀо дарх лаьцна фондо йечу чоьташ тӀехь нохчийн герб а, Кадыров Ахьмадан регионан фондан символика а йу гойтуш.

ГIазза секторерчу бахархошна гуманитаран гӀоьнна ахча гулдарна тӀехь терго латтор йу Нохчийчоьнан куьйгалхочун 17 шо долчу кӀанта. И "дарж" цуьнга кхаьчна ГIазза секторна гуманитаран ахчанаш гулдар дихкина дукха хан йалале. Билггал гӀо дӀакхачоран координаци шена тӀелоцур йу хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамчас Байсултанов Ӏусмана.

ГIазза секторера боьхна, Мисарара мухIажарийн каппашка кхаьчначу нахана сурсаташ дIакхачор цо вовшахтоьхнера.

"Халхан лаамна йуьстах нисвела Кадыров"

Нохчийн бахархойн лаам дагах кхеташ бара. ГIазза секторехь гуманитаран кризис йу бохуш, хаамаш баьржинчу хенахь нохчаша гIоьнна охьадохкура шайн машенийн догIанаш а, кехаташ а – ишта шайн доьзална напха доккхуш хиллачу йаккхийчу машенийн догIанаш а цьаьна. Кхин дIа Кадыров Адам хир ву гӀо-накъосталла дӀакхачорна тӀехьожуш аьлла хаам баьржинчул тӀаьхьа дуккха а бахархойн "чам белира", билгалдоккху нохчийн цхьана университетан политолого (оха цуьнан цӀе йовзуьйтуш йац кхерамазаллин бахьанашца).

"Массарна а хетарг цхьаъ дара, гӀиллакх доцу, хьекъал доцу и бер массо а хIумана йукъа стенна Iуьтту цара аьлла. Оццул боккхачу доьзалехь цхьана стага мукъане а ала дезаш ма дара, хӀара товш дац аьлла. Цара ахча гулдан а доладале хьалха, сан хӀора дийнахь къамел хуьлура ахча дала дагахь болуш, йа деллачу цхьацца нахаца. Тахана и гIуллакх тергал ц адо цара. Кадыров Адамна баркалла ала-кх", - билгалдоккху къамелхочо.

Йуьхьанца республикин Ӏедална ца моьттура бахархой оццул лаам хир бу аьлла, кхин дIа а дуьйцу цо: "Вовшахтуху ахчанан барам дикка алсамбаьлча, и гIуллакх шайн караэца Iалашо хилира церан, цкъа делахь – контрол йо, шолгIа – оцу дерриг а лелош дерг шаьш ду аьлла, шайн цIе йаккхийта. Гуш ма дуй, ишта Дала хастам бен, оьзда гIуллакхах а шайн пайда цара лоьхуш хилар. И ахча дIахьажор, декъар мукъна а цара дан мадезза дийр ду аьлла, теша лаьа-кх".

Шайх дага а ца бовлуш, наха жигара шайна хетарг а олуш, ГIаззехь хуьлучун тергойар нохчийн Iедалхойн "тергонера делира", билгалдоккху нохчийн къам маьршадаккхаран «Цхьааллин никъ» боламан информацин декъан куьйгалхочунна Музаев Сайханна.

"КадырогIарна пайден ца хилира и, уьш бисира халкъан лаамна йуьстах. Цундела цара маса кхетийра, и гIуллакх шайна тIелаьцна хьийзачу берашна, ишта дан мегар цахиларх. Кадыровн байракха бухахь дан дезаш ду дерриг а. Палестина йолчу агIор ма кхийла, и Iедалан гIуллакх ду аьлла, кегийрхой кхетийра", - билгалдоккху цо.

Цул хьалха Кадыровс масийтаза дIакхайкхийра федералан МЧС-н кеманашца ГIазза секторе гуманитаран гӀо хьажорах лаьцна. Генара хьаьжча хеталора, и гуманитаран мохь дӀахьажор цуьнан шен инициатива йара аьлла. Оьрсийчуьра "Трансперенси Интернешнл" йукъараллин хиллачу куьйгалхочо Шуманов Ильяс Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, Нохчийчухула гӀо даран схема федералан центрна а пайдехьа йу, хӀунда аьлча, цо Кремл цу зIена йукъара дӀайоккху. И бохург ду, оцу кепара шен Израилца йолу юкъаметтигаш ларйар.

  • ГIалуду-беттан 11-чу дийнахь ХЬАМАС Израилна тIелетча 1200 стаг вийра, 240 гергга закъалте лецира. ГIаззера ХЬАМАС-н контролехь йолчу могушалла Iалашйаран министралло хаамбира 14500 палестинхо вийна Израило царна дуьхьал жоп луш аьлла. Йозуш йоцчу хьасташа информаци тIечIагIйина йац.
  • 2023-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчу кхечира палестинхойн мухIажарийн хьалхара тоба. Верриг а регионехь веха шву ГIазза секторера 200 гергга вахархо. ГIаззера мухIажаршна лерина жимо гIала йира, царна аьлла регистраци йира къоман културин автономи.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG