ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь урамийн а, гIишлойн а цӀераш хийцар: культе хийцалур дуй-те хиллачун иэс?


Соьлжа-ГIала
Соьлжа-ГIала

Нохчийчохь мехкан куьйгалхочун гергарчийн а, цунна гергарчу динан а, йукъараллин а жигархойн сий деш урамийн а, йартийн а, кхечу гIишлойн а цIераш катоьхна хуьйцуш йу тахана а. Итт шарахь сов дӀайаьхьначу иэсийн политико бӀостане жамӀаш хӀунда дохьу, дуьйцу тхан сайтан материалехь.

Нохчийчуьрчу Ӏедалша кест-кеста урамийн цӀераш хуьйцу, ткъа кхин регион каро хала ду кху тӀаьхьарчу 20 шарахь оццул дукха хийцамаш карти тӀехь бина. Йерриг а республикехь бӀеннашкахь урамийн цӀераш техкина Кадыров Ахьмадан сий деш, ши бӀе сов йу - цуьнан кӀентан Рамзанан цIарах. Нохчийчоьнан карти тӀехь ур-атталла карарчу хенахь дийна йолчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун йишин Зарганан цIарах урам а бу.

2019-чу шарахь цара сацам бира ЦIоьнтара йуьртана Кадыров Ахьмадан сий деш цӀе тилла – "бахархойн дехарца" ду а бохуш.

Амма дукхах долу цӀераш хийцар республикан коьртачу гӀалахь Соьлжа-ГӀалахь нисло. КадыровгIар Iедале бахкале хилла цIераш йоху цигарчу бахархоша оцу урамийн марзбелла. 2005-чу шарахь нохчийн депутаташ гӀоьртира ша Соьлжа-ГIалин цIе Ахмат-Кала аьлла хийца, 2004-чу шарахь стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь стадион хиллачу эккхийтарехь кхелхинчу Кадыров Ахьмадан сий деш. Амма Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дуьхьало йира оцу лаамна, Кадыров Рамзанна хетачунна тӀе а тевжаш.

ХӀетте а, республикан куьйгалхочун безамца хийцира Соьлж-ГӀалин урамийн а, йерриге а кӀоштийн а цIераш. 2010-чу шарахь Кадыров Рамзанца доттагӀалла лелийначу Митаев шайх Ӏалин тӀаьхьенийн сий деш, 2010-чу шарахь Соьлжа-ГӀалин йалх ураман цIераш хийцира. ГӀалин йуккъехь – Кадыровн резиденци йолчу кӀоштахь – шайх Кишиев Кунта-хьаьжин доьзалан декъашхойн а сий деш, 13 урамна керла цӀераш техкира.

Советан топонимаш нохчийн йолчаьрца хийцар сецна дац хӀетахь дуьйна. 2015-чу шеран гурахь ГӀалин Думо большевикийн а, Советан заманахь хиллачу йукъараллин гIуллакхдархойн а цӀерашца хийцира 28 урам. Цул тӀаьхьа республикан коьртачу шахьарахь урам гучубелира тӀемалошца нисделлачу герзаш деттарехь веллачу нохчийн куьйгалхочун Кадыровн гергарчу стеган Кадыров Ӏумаран цIарах урам. Советан заманара пионерийн Морозов Павликан а, йаздархочун Герцен Александран а, дипломатан Чичерен Гиоргин а, йа маршалан Тухачевский Михаилан а цIерашца хилла урамаш дисина дац.

2020-чу шарахь Кадыровс хьийхира Советан заманахь хилла кӀоштийн цӀераш нохчийн турпалхойн цӀерашца хийцар. Царах цхьаъ, ишта ца хуьлийла а йацара, мехкан куьйгалхочун ден цIарах хилира. Цул тӀаьхьа Соьлжа-ГӀалин думо сацам бира Кадыров Ахьмадан сий деш Ленинан кӀоштан цӀе хийца. Заводской а, Октябрьский а кӀошташна цӀераш техкира Оьрсийчоьнна дуьхьал тӀом бинчу Кавказан турпалхойн сий деш: шейх Мансуран а, Бенойн БойсагIаран а; Старопромысловскийн цӀе тиллина Дуьненан ШолгӀачу тӀеман турпалхочун, полковникан Виситаев Мовладин, дуьххьара Эльбехь амеркахошна дуьхьалкхеттачу советан эпсаран сий деш.

Украинехь хиллачу тӀамо керла тренд кхоьллина: школашна а, урамашна а тохку тӀемаш боьлхучу меттигашкахь байинчу нохчийн цӀераш. Тахана Нохчийчохь кхаа школина а, масех урамна а оцу принципца цӀераш техкина, масала, Олхазаран кIотарахь [Росгвардин тӀемалочун Хизиран] Чупалаевн урам бу, Украинана дуьхьал тӀамехь вийначу Дебишев Казбекан сий деш иза ваьхначу Дышни-Веданара школин цIе а хийцира.

Соьлжа-гӀалин бахархой тIаьхьа ца кхуьу тIетаьIIина бечу хийцамашна, цуьнан тоьшалла до, гIалина чуйогIучу поселкийн цIераш хийцина диъ шой ахшой даьллачул тIаьхьа Соьлжа-ГӀалин мэри бахархошна церан цӀераш дагайахкийта декхаре хиларо. Гучудаьлларг ду, Соьлжа-ГIалин бахархой тахана а ширачу цIерех пайдаоьцуш хилар.

Хийца атта ду – дицдан а атта ду

Цхьа синхаам кхоллало, Нохчийчохь урамашна, кӀошташна, йарташна, кIотарашна керла цӀераш тахкарна жоьпаллехь болчу хьаькамаша и болх "кхетам боцчу хьолехь" беш бу аьлла, билгалдаьккхира республикерчу цхьана университетан политолого редакцица хиллачу къамелехь (кхерамазаллин бахьанашца редакцино ца йоккху цуьнан цIе).

"Шеко йоццуш, мехала а, дика а ду, республикица цхьа а уьйр йоцуш хилла, наггахь абсурде хета советан заманара цӀераш меттигерчу, къоман цӀерашца хийцар. Амма со аьттехьа кхеташ вац, муьлхачу бахьанийн буха тӀехь - топонимин, историн, культуран, архитектуран, уьш хуьйцуш ду цара. Масала, хьанна хаьа, цхьана Соьлжа-гIалахь КишиевгIеран цIерашца стенна бу биъ сов урам? Кунта-Хьаьжин цIарах хиларна цхьана а кепара хеттарш дац. Ткъа цуьнан кхинолбу гергарнаш стенца боьщна бу? – хеттаршка вуьйлу Кавказ.Реалиица къамел динарг.

И гергарлонийн принцип йу меттигерчу хьаькамаша коьртаниг санна лелош йолу, билгалдоккху эксперто. Цуьнца а догӀуш, кхелхинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун дас Кадыров Ахьмада йоллу республикера Ленинан цIарах мел хилла урамаш а, проспекташ а хийцира. Дийна, могуш-маьрша йолу мехкан урхалхочун йишин Кадырова Зарганан сий деш а тиллина Соьлжа-ГIалара а, нохчийн йарташкара а урамашна цIераш

"Цул совнах, дукхахйолу керла цӀераш дукха дешнех лаьтташ йу, йаккха а, дагахьлатто а хала а йолуш, цундела республикерчу бахархоша тахана а лелайо шира цIераш", - билгалдоккху политолога.

Историхь политик санна висина ца Iаш, нохчийн пачхьалкхаллин а, культурин а фигура санна висса хьийза Кадыров. Оцу Iалашонца шех лаьцна иэс дисийта гIерта иза урамашийн, хIолламийн, музейн цIерашкахула, билгалдоккху блогеро Белокиев Ислама.

"Оцу процессехь йоккха проблема йу. Репрессешца а, коррупцица а, йамартлонца а йоьзна цӀераш йаха гӀертар халкъо тӀеоьцу шайн истори а, сий-ларам а сийсазбан гIертар санна. Ткъа тахана иза монолит санна делахь а, историно гойту, и тайпа "картан цӀенош" наггахь бен дехха лаьтташ цахилар. Политикан хьал хийцаделча – хуьйцу цIераш а, цундела уьш халкъан иэсехь дац, лакхарчу Iедалхоша тIедожийна хIума ду", - тешна ву къамелдийриг.

Ткъа динан дайн цӀерех дерг аьлча, къаьсттина суфийн ламастаца йоьзна йолу цӀераш, кхузахь дерриг а кхин а шалха ду, бохуш кхин дӀа а дуьйцу Белокиевс. Цхьана агӀор, Нохчийчоьнан синмехаллин историн цхьа дакъа ду хӀара. Амма органикан къоман иэсийн меттана "исламан цхьаъ бен йоцу нийса модел" кховдийча, иза а тӀедожоран кеп йу, аьлла хета цунна. "Тахана оцу цӀераш хийцаро халкъан лаам гойтуш бац, Ӏедалан лаам гойту. Амма иэс - иза онда хӀума ду. Мацца хилахь а, цуьнан бакъдолу аз хезар ду, тIаккха символан меттиг а хийцалур йу – йукъараллина билггал хила йеза аьлла хеташ йолчуьнца", - бохуш, дерзадо Белокиевс шен къамел.

  • Нохчийчохь кхуллуш йу Кадыров Ахьмадан культ – Ичкерин хилла муфтий, цул тIаьхьа Оьрсийчоьно хIоттийна республикин президент, тахана Нохчийчоьнан урхаллехь волчун да ву иза. Кадыров Ахьмадан цIе лелош йу ЦIоьнтара (Ахмат-Йурт), 300 сов урам бу Нохчийчохь а, кхечу регионашкахь а, пачхьалкхашкахь а, Санкт-Петербургера тIай, "Донречфлот" теплоход, маьждигаш а, хьуьжарш а, дешех а, дезачу тIулгех а йина орден, Нохчийчоьнан лаккхара свгIат, орбите хьажийна мини-спутник, Нохчийчохь куп тоьхна, тIеман министраллин а, Росгвардин а I4 дакъа а , полк а.
  • Регионан куьйгалхочун ден – Кадыров Ахьмадан цIарах хIинцале а Нохчийчохь кхоьллина I4 полк йу. Бакъонашларйархоша билгалдаьккхира, оцу кепара Кадыров Рамзанан ден культ а кхуллуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Iедал ду чIагIйеш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG